Бисултанов Апти. ДоIа

Нохчийчоь -- божарий маьждиг чоьхь, охан-беттан 26, 2013

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. ДоIа.

ДоIа

Бисултанов Болатана

лам лекха бу аьлча ломах
аьлларг аьлла доцу дела
хIорд кIорга бу аьлча хIордах
аьлларг аьлла доцу дела
ломал лекха хIордал кIорга
нохчийн бала болу дела
со мотт сецна висна хIинца
аьлларг аьлла доцу дела

вайн дегнаш а вайн кешнаш а
цкъа бухдохур долчу Дала
цкъа бухбоккхур бу-кхa хIара
нохчийн къоман беза бала
ишта ойла йина ас а
кхачадича дош а аз а
кхачадича дегI а са а
Деле велха дезна сан а

Хьоьга деха хьакъ а волуш
доьхуш вац со Везан Дела
Хьуна хьалха бакъ а волуш
доьхуш вац со Везан Дела
байлахь бисначеран цIарах
доьху Хьоьга Везан Дела
жоьрахь бисначеран цIарах
доьху Хьоьга Везан дела
кIур хаьддачийн цIарах Хьоьга
доьхуш ву со Везан Дела
хIу хаьддачиин цIарах Хьоьга
доьхуш ву со Везан Дела

Тхан массеран кIур хадахь а
ХIу хадахь а Везан Дела
Тхан къонахийн хIу ца хеда
беркат лохьа Везан Дела