Белхан визитаца ТехIране вахана Путин Владимир

ГIажарийчу белхан визитаца вахана Оршот дийнахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Иза цхьаьнакхета дагахь ву гIажаройн президентаца Роухани Хьасанца а, аятоллаца Хаменеи Iелица а. И дагадовларш вовшахтоьхна ду цигахь дIахьош газ юхкучу пачхьалкхаин саммит а йолуш. Путин дийцаре дийра долчу коьртачу хаттаршна юкъахь ду Шемара конфликтаца доьзнарг. Москох а, ТехIран а коьрта бертахо лоруш ю Шеман президентан Асад Башаран.