Ахматова Раиса. Синтем бац

Нохчийчоь, БIаьсте Соьлж-ГIалахь, 2016

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Синтем бац


Денош ма дIаоьху,

Хьо гучу ца волуш,

Буьйсанаш яхъелла,

Хьан къамел ца хезаш.

Сингаттам даг тIера

Суна бац дIаболуш, -

Хьомениг, алахьа,

Хьо хIунда ца вогIу?

Набарха ма-елли,

Со коре хиира,

Батте ас хаьттира:

«И хIун деш ву?» - аьлла.

Соьга схьахьаьжначу

Батто схьаэлира:

«Цунна гуш даима

Хьан сурт ду, йоI», - аьлла...