Ахматова Раиса. Корталех-м хьерчар ю...

Белорус -- Безаман туннел Украинехь

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Корталих-м хьерчар ю...


Корталих-м хьерчар ю, шеллуш, Iай санна,

Амма дац сан белшех кортали - кIац ю.

Къийлало-кх, хьомениг, хьо даиманна...

ХIунда ву хьо ишта, хьуо везаш хилча?

Кхечунна дакъа а цкъа а хир доцуш,

Хьан цIе ю даима сан деган эла...

Ткъа хIунда вац-те хьо и дог сан хьостуш,

ХIунда ву хьо ишта, хьуо везаш хилча?

Iай хьоькху мох санна, шийлачу даг чохь

Безам а, я цIе а кхин йоцуш санна...

Эцахьа соьгара, хьайна ца тоьъчахь, -

ДIалур ду дерриг а, везарна сайна!

ХIунда ца лаьа-те даггара хьуна,

Эсала вистхилла, сох дагавала?

Хуъушехь оццул хьуо везийла суна,

Хьо ишта хIунда ву, хьомениг, ала?!