Яралиев Юсуп. ГIиллакх

Нохчийчоь -- СаймаIашка

Йоккха стаг, хьо дийна юй-те?

Йоккха стаг, хьо могуш юй-те?

Мацах цкъа ахь аьлла дешнаш

Тахана сан новкъахь эшна.

Ахь хIетахь бинера хьехам.

Тахана и маьIне хета.

Схьагарехь, хуур дац цкъа а

ХIуманнан хенахь мах хадо,

Вацахь стаг лехамца вехаш,

Гездеш кху дахаран некъаш.

Йоккха стаг, ахь аьлла дешнаш

Ас хенан тептар тIехь дешна.

Бакълуьйш хьо хиллера, бакълуьйш!

Сан некъо хьан дешнаш бакъди:

Догуш дац, дIадовш дац гIиллакх,

Йогучу цIерга и тилларх.

Шеллуш а дац оьзда гIиллакх,

Шийлачу шелонга дилларх.

...Йоккха стаг, хьо ирахь юй-те?

Чу-ара ялалуш юй те?

- ГIиллакх, кIант, кхоьллина наха.

И гIиллакх, хьо дукха вахарг,

Кхоьллина лелочун дуьхьа,

Сий дайта лелочун юьхьан...