Лефортовон кхелан сацам

Лефортовон кхело Москох тероран тохар дан воллуш хилла а аьлла лаьцначу кхаа нохчочунна Межидов Мохьмадна, Ашаев Iилманна, Байсултанов Асланна кхаа батте дIаяхйина талламна кIел латтаве хан.

Уьш а, кхин исс стаг а бахначу баттахь лийцира Москох «Исламан Пачхьалкх» тобан цIарх зуламаш дан гIерта аьлла. Iечу петарахь карийна боху талламчаша оьккху коьчал.