Террорхо хила мега аьлла кхин а цхьа стаг лаьцна полицино Францехь

Лахьан-беттан 13-чу дийнахь Парижехь дина терроран тIелатарш толлуш, полицино Шинарин дийнахь лаьцна 29 шо долу стаг. France-Presse агенталло бинчу хаамца, полицино кху тIаьхьарчу баттахь дIаяьхьна 2700 рейд. 360 стаг лаьцна ву, шайн хIусамашкахь Iар тIе а дожош.

ТIеххьара лаьцна волу стаг хилла, полицино дийцарехь, Шема а вахана ДАIИШ тобанах дIакхета дагахь. Парижехь терроран тIелатарш дар шена тIелаьцна «Исламан пачхаьлкх» олучу тобано. Царна юкъахь дакъалаьцна нах лоьхуш бу Францехь а, Белгехь а, Германехь а.