Арсанукаев Шайхи. Весет

Your browser doesn’t support HTML5

Арсанукаев Шайхи. Весет

Арсанукаев Шайхи

Весет

Къоьжачу вайн лаьмнийн
Дог кура баххьаш,
Вайн тогIеш, шовданаш,
БIешерийн хьаннаш -
ДIаэца тахана
Хьайн дола ахь уьш,-
Дас, весет деш, хьуна
Йитина хазнаш.

ДIаэца ахь хIинца
Дайша шайн цIийца
Заманийн йохаллехь
Лардина латта.
Даймохк хьайн дIаэца,
РагI хьан ю хIинца -
Ден весет кхочушдан,
Юкъ ехкий, гIатта.

Ларбе мохк,
Хазбе и,
Ца еш мало.
ТIаккха, хьайн весет деш,
КIанте дIало.

БIешерийн къийсамехь,
Са санна, лардеш,
Таханенга кхачийна
Вайнехан гIиллакх,
ДоттагIий хилла вай
Вежарех тарбеш,
Орцанна кхайкхаза
Кхочуш вай хилла.

Лаьмнашкахь даиман
Дина сий Ненан,
Воккханиг лийрина
Жимчо, деш гIуллакх.
РагI хьоьгахь ю тахана,
Вас ца еш дена,
ДIаэца цуьнгара
Дайн оьзда гIиллакх.

Ларде и,
Хазде и,
Ца еш мало,
ТIаккха, хьайн весет деш,
КIанте дIало.

Хазнашлахь хазна ю
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.

Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, дIадолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.

Нохчийн мотт и - халкъан
Синхазнийн хьоста -
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
РагI хIинца хьоьгахь ю,
ДIаэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.

Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца еш мало.
ТIаккха, хьайн весет деш,
КIанте дIало.