ФСБ-н иштта а кIезга йоцу бакъонаш шорйина

ФСБ-н белхахойн хIинцачулла тIаьхь бакъо ю, муьлхачу стагана тIе герз тоха. Башхалла яц иза зуда ялахь, я бера балахь а, нагахь санна Iедална а, юккъарална а кхерам болу хIума цаьргара ду аьлла хетахь. И низам ду Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думо тIеэцна

Кху шеран аьхка дуьйна Пачхьалкхан думехь дийцаре дан, депутатийн тобано кховдина дара и хаттар. Амма, цхьацца бахьанашца листа а ца луьстуш лаьтташ дара. Ткъа, шинарийн дийнахь, дуьйцуш а, кхайкхадеш а доцуш, иза цIеххьана ай а дина, сихонца тIеэцна.

Керлачу оцу низамца бакъо луш ю ФСБ-н белхахошна муьлхачу хIуманца дуьхьало ян а, герз тоха а, шортта нах болчу меттехь, нагахь санна терроран акт а, кхидолу кIоршме зулам хиларна кхерам бу аьлла шайна хетахь.

И низам емал деш, хIинцале, дукхачу тергамхоша, шайна юккъахь шортта юристаш а болуш дIахьедарш дина. Иза адамийн бакъонаш йохош ду аьлла хета царна. Маршо радионо а хаьттира цуьнах. Хадисов Муса- адвокат ву. Юридикийн агIорара и низам адамийн коьрта бакъо йохуш ду элира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Хадисов: "И низам адамийн коьрта бакъо йохош ду"

Кавказерачу къаьмнийн Ассамблеин вице-президентан Хизриев Iабдулан хетарехь, и низам тIеэцарна-шен геннара Iалашо ю. Иза доьзна ду, Оьрсийчохь тIейогIучу халчу заманца, аьлла дийцира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Хизриев:"ТIейогIуш ерш хала хенаш ю, цундела тIеэцна и низам"

Хьоле хаьжжина герз тоха бакъо низамхошкахь иштта а йолуш яра, и низам тIе ца эцча а. Амма, хIинца, низамца иза чIагIдича а, иза тоха ца луурш а кIезга хира бац аьлла хета Хизриев Iабдулана. Ткъа кхечу агIора, оцу могIаршкахь а шортта бу, герз хьанна а тухура долуш, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Хизриев: "Герз тухурш а, ца тухурш а бу низамхошна юккъахь"

Шай агIора, Оьрсийчоьнан Iедалша, даре до шайн дIахьедаршца, пачхьалкхехь чолхаллаш ца яьржийтархьам, цхьацца чIагIамаш бийра бу шаьш аьлла. Къаьстина иза дийра ду, Керлачу шеран даздаршкахь, нах дукха гуллучу меттехь