Бакъдац аш-Шишани (Батирашвили) лаьцна бохург

Иракъехь къайлаха операци дIахьош Iамеркан лерринчу ницкъаша лаьцна ДАIИШ-ан лаккхарчу тIеман баьччийн могIарахь волу паьнказхо ал-Шишани Абу-Iумар (аьлча а, Батирашвили ТархIан), аьлла даржийра хаамийн гIирсаша, доккхачу декъан Оьрсийчуьрчу, кIирандийнахь.

Амма оршотдийнахь иза бакъ доцийла хаийтина Пентагонан векало РИА «Новости» цIе йолчу оьрсийн агенталле.