Туркойчохь, "Заман" газетана гонаха

Истамулехь полицино бIаьргех хидоккхучу газаца дIасалаьхкина даккхийчех ларалучу туркойн газета «Заман» шен хIусамах ца даккхийта арабевллачу нехан гулам.

Кхелан сацамца оцу газетера гIишло йоккхуш, кертан ков а дохийна чубевлла шоьтан буса полисхой редакцина.

«Феза» компанин долахь ду «Заман» газета а, «ДжихIан» агенталла а. Кхел ю къастош и газета Iедалан карадаларх долу гIуллакх. Туркойн президентна Эрдоган Тайепна оппозицехь волчу Iеламчица Гюлен ФетхуллахIца зIенехь ду газета.

Эрдогана бехкево Гюлен иза хаамийн гIирсашца, кхелашца, полицица берта а вахана, Iедал карчо гIерта бохуш. Гюлен ФетхуллахIан болам террорхойн могIара баьккхина Эрдоганан Iедало, оцу боламо дина хууш зуламаш доццушехь.