Уггаре а дукха тутмакхаш болу пачхьалкх ю Оьрсийчоь

Оьрсийчоь -- Набахтехь ламаз деш бу бусулба нах.

Кху дуьнетехь уггаре а дукха чубоьхкина нах латто пачхьалкх ю Оьрсийчоь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Европан Кхеташоно кечдинчу рапорта тIехь.

Цу документаца а догIуш, 2014-чу шарахь Оьрсийчохь чубоьхкинчу нехан терахь дара 670 эзар сов стаг. Оьрсийчоь хьалхара меттиг дIалоцуш ю чубоьхкинчу зударийн терахь алсам хиларца. ШолагIа меттехь ю Финлянди.