Нохчийчохь - тIеман Iамораш

Нохчийчоьнан тIеман комендатуро тIечIабинчу хаамца, ах эзар эскархо а, 200 гIагIадиллина машен а ю махкахь шинарийдийнахь дIадолийначу тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш. Новр-ГIалина гергарчу полигонера Ставропол-мехкан тIеман объектийн агIор дIайолаелла ковра, цигара Новр-ГIала юха а бьхкина, даккхийн герзаш кхуьйсуш Iемар бу салтий, комендатуро бахарехь.