Эльдерханова Зайнап. ХIун мах бу хьан?

Chechnya --Festivities Celebrating The Wedding of Kadyrov’s Nephew, 1 May 2016

Your browser doesn’t support HTML5

Эльдерханова Зайнап. ХIун мах бу хьан?

ХIун мах бу хьан?

Хьо мел хенара ду - ца хаьа суна, хIай Дуьне! Амма хаьа, хьан хеннара юйла Нохчийн йоI. ХIунда аьлча, ша кхоьллинарг, ша а вилхинчу дуьненна, хьо эшнийла, езнийла, шен «Баланийн ЦIийнан» баланаш лан. Юха кхин а, хьо оьшура юйла, Махьшаре нах гуллучу дийнахь, я суна, я хьуна орцаха йийлан…

Вайн махкахь лаьттинчу тIеман Iазапо, доккха зен-зулам дира вайн къоманна. БIаьргашка хецна схьалацалуш долчу зенах дара: адамийн Iожалла, махкахойн заьIапалла, чим бина хIусамаш. Амма заманан сихалло, кхоччуш тIе бIаьрг ца хIоттуьйтура вайга, хуьлуш лаьттачу уггаре а боккхачу эшамна.

Царех цхьаъ дара даима а шайн мах хууш баьхначу, вайн ненан наноша, цхьа хала, цхьа еза лелийна Нохчийн йоьIан цIе, тахана, вай баьрччера озийна, боьхачу цIенкъа дIакхоссар. Оьзда йоI - мел дош ду иза! Ткъа ийман доцург - иза ворхIе а заманна тIехьаьрча, дIаьвше Iеха санна хилла яра.

Вуьшта, вайна массарна а ма хаьа, диканиг, оьзданиг шен юьртахо ву олуш а самукъадолий, ткъа сонтаниг, вониг - шен чуьра ву ала а ца лаьий. Мел ирча хира яра нохчийн хIусамаш, дуьхьала яла нохчийн Нана ца хилча, я кхерчан кийрахь ехаш нохчалла ца гича!

Цхьа сингаттам лаьтта дагтIехь хIокху тIаьхьарчу шерашкахь.Вай зударий я божарий аьлла къаьстамаш бан а ца лаьа. Вайна, нохчашна хIун хилла?

ДагадогIу, Дагаев Валида, хIинцалера эстрада муха хета аьлла шега хьаьттича, цо аьлларг: «Хьалха нохчийн цIий чехка дара, ткъа хIинца - боларш сиха ». Музыкальни совгIаташ до бохуш, вай теш дара, хезаш хуьлура дай-наношний, доьзалшний юкъа лела дикторан аз: «Оха даггара декъала йо тхайн йоI I8 шо кхачарца…».

Юха иза, 18 шо кхаьчнарг, схьагойтура, я диванахь Iуьллуш, я бацалахь лепаш…

Эццахь кийрара аз доьлхура: « ЭхI! Йиш йоьхна-м ма яра хьо, нохчийн йоI, аукционе йоху зама» - олий.
Нохчийн йоI!! Хьо йоцуш биса болу техьа, ахь лийрина мохк? Со-м кхоьру, кхоьрийла сайна, денна гуш йолу дела.


КIезиг ма яцара вайн къомах хьирчина халонаш, тIемнаш, депортацеш, операцеш… Масане яра уьш, къам доьза кхачон бинчу белхешна техкина хилла цIераш! ДIаяханчу заманна тIаьхьахьаьжча, тахана хаьIна схьаго: вайн къам лардинарг, кхерч латтийнарг, нохчалла - даIа санна ларъйинарг, доIа санна язъйинарг – Нохчийн зуда ма яра…


Ша оту хIордкема санна, бохамна, халонна дуьхьала йийлинарг – нохчийн Нана ма яра!

Цкъа а дицлур дац, Дагестанан дозанца, дохийна тIайш а долуш, вайн зударийн, ша бинчу хих бийлар, шайн белшашана тIехь,цара шайн доьзалшна напгIа кхехьар!
ТIом марса баьлла боьдуш, токхечу пачхьалкхашкахь хилла со, керстачу нехан шахьаршкахь.


Цигарчу нахаца цхьанакхетарш а хилла. Ас хIетахь, тIом ца бийцира цаьрга, ас оцу тIамна юккъехь йисина, шен доьзална гоунаха хьийза йисина Нана йийцира хьетахь.


Вайн къам ца дезнараш хьалха, со санна боьлхура соьца. Даймахкана генахь, йиш хаьллачу дагца, со дуьхьара йилхира цигахь.


Уггаре а хьал долчу гIалахь, суна со хьолан-да хийтира. Ас хьестийнарш, бийцинарш, нехан наной бацара! Сайн къоман, нур хIуьтту жовхIарш санна, эхь - бехк кхаьбна нохчийн йоI, Ийман лерина нохчийн зуда ма яра!

ХIетте а, тахана новкъа ду , вай, шен цIахь, хIокху нохчийн махкахь, зуда цаларар.
Новкъа ю вайн син бIаьрзалла, церан баланаш, ойланаш, дегнаш ца гарна.

Сий деш дац зудчуьнан. Сий дайинчу зудаберах боьлу вайн кегийра нах.
Царна ца хьаьа сий дайначузудариийн дукхаллица, шайн сонталлин барам совболийла. Амма иштта бакъ ма ду, стаг волчу стагана уллохь, зудчунна - зуда хилар бен ца дисар.

Дукха нахана ца хьаь, зудчуьнан мах мел бу, царна ца хетийтина цхьа а башхалла, юхкуш - оьцуш йолчу: мачашний, машенашний, юучунний, зудчунний юкъахь - ерриге а эцалуш ю вайн заманахь.

Зударашна луьйш хеза вай,амма кIезиг хеза зуда лара олуш, зуда язъе олуш. ГIоранна, ницкъана, Дала эгIаза кхоьлинчу цуьнца, хаддаза къонахалла къовсуш хуьлу вайн цхьаболу зоьртала нах.

Ткъа цунна-м, кура йийла меттиг ца хиллачу нохчийн зудчунна, мел кIезиг деза. Иза тоьхна ен - цхьа дош тоьу, иза юхаденъян – цхьа дош оьшу.
Ма - дарра аьлча, вай зудаберан мах, роддоман неIарехь дуьйна хадабо: кIант вича - беза кхаъ, ткъа йоI кхайкхийича - итт туьмий, Сацитий, Тоитий…

Шайна паргIато тIехь сов лоьхий техьа вайн божараша?
ХIара гIуллакх иштта додахь , кестта йоI дIакховдо меттигаш хир яц, хIусамаш бен. ХIунда могуьйту вайна ваьшна сонталла,маьттазаллла? Я Дала, я дайша бохург дош ца хеташ, я шайн дош а, ца лелаш бу вайна юкъара цхьаболу боьрша нах. Тахана вайн зудабераша дечу марен цец хIунда дац вай?!


Рентген тIе яла яхча санна, сиха юхайоьрзу маре яханарг. Цулла инзара ду, вай массо а, йоI иштта атта дакъазаяларна, ши бIаьрг а хьаббина, собаре хилар. ЙоI жеро яларах, цец ца волу цхьа а, декъала хила, «нохчийн Жайно» ца магош санна.

КIезиг хан яьлча, и марера, цхьа а бахьна а доцуш йоьхнарг, я доьзалхочух яькхинарг, цхьалха юьсу шен баланашца, хIокху доккхачу дуьненчохь, орцаха вала бусалба стаг воцуш, сий дайна, пусар доьлхуш. Дукхахьолахь и тайпа зударий гучубовлу, я маьттаза лелачаьрца, я хьекъалах эшначарца…

Ишколашкахь йолалуш ю оцу проблемийн юьхь. Эхь хилла а ца Iа, цхьаболчу наноша шайн зудаберийн йоцу оьздангалла ца гарна. Хьехархо ваьхьаш вац тахана берана дов дан, я хьехар дан. Цундела, уьш дукха хьалхе, партана тIера гIовтий, дIабоьлху Iинаха чу кхаза, дакъаза бовлалла бен, кхин шайца хьекъал цахьош.

Дукха дуьйцу вай, вешан къомах кхаьрдаш санна. Муьлха а цхьа лазар иккхича, иза къастадой, цунна оьшу рецепт карадо лоьрашна. Из - за дича хIун хира дара техьа вай? Вайн къоман эхь,сий дойу ледарлонаш вай ца совцаяхь, нохчийн къам, фольклоран книгаш тIехь бен дуьсур дац.

Вешан ледарлонаш, гIалаташ тIелаца, хьекъал а, оьздангалла а, карон еза вайна.


Вай марзделла, даимна а вайх лаьцна диканиг дийца, вуониг - вон ду ала а деза, вуонаш дукха дебалий…

ЙоI дакъаза яларх дегаза хеташ бац вайн цхьаболу дешна нах. Нохчийн йоьIан сий: ресторанашкахь, машенашкахь, лаьцначу квартирашкахь, базарашкахь «бирже» даьлла ду!

Оцунна бехке, вайн божарий а бу. Уьш кхарда ца безара сий дайначу зудаберех, уьш белха безара, шайна уьш моссаза гушшехь.
Кхана, цхьа гIайгIа йохIуш йогIун йолчу Кхана, шайн кIенташна, мичара балор бу цара несарий?

Тешалаш, вайгара рицкъан гIело дIаера ю, хIора яртийн, гIалийн хIусамашкахь, цIа бирзинчу нехан чиркхаш догур ду. Массо а доьзалехь, хира ма ю кхачо.

Амма вайн хIусамашкахь хьийзаш оьзда хIусаман – Нана ца хилахь, Ийман, чу ца догIуш, кетIахь лаьттара-м дац техьа, нах?

Беркъа хира - м бац техьа, вай хаддаза лаьхна «бахамаш»?
Ойлане довлий, дохкох довлий, карлабаккхий вай, Нохчийн йоьIан мах?!