ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Хьо яьхначу дуьненахь...


Chechnya -- People pray during the burial of Natalia Estemirova, a prominent human rights activist, at a cemetery in Koshkeldy, 70 km (44 miles) east of Grozny, July 16, 2009
Chechnya -- People pray during the burial of Natalia Estemirova, a prominent human rights activist, at a cemetery in Koshkeldy, 70 km (44 miles) east of Grozny, July 16, 2009

Хьо яьхначу дуьненахь...

– Сиха-м дели хIара шо. Делин?

– Соьга хоьтту ахь?

– Хоьтту.

– ХIаъа. Массара а олу иза иштта. Дели...

... Ма деха, Ма деса дар-кх иза...

Нана йоцуш дахана шо… Iуьйранна ши бIаьрг боьллушехь “яц иза”, буьйса дIатийча а “яцара иза” бохуш, дIаихначу денойх лаьттина шо…

Дахар бIешаре дахлахь а, тезет цхьана кIиране бен ца долу.

Иза дIадирзинчу дийнахь гIенташший, рагIуй дIаса а доккхий, дIасабоьлху нах. КетIара кевнаш тIекъовлий чудоьрзу, амма нана еллачу йоIана цкъа а ца доьрзу тезет...

Зама кхин дIа а йоьду. Хьоьга деанчу вуонах доллу Дуьне а кхаьрдаш хеталуш, самукъадаьлла хьевза Iалам а. Шена цхьаннен а цхьа а веллий ца хууш санна, хаза, къегина йог1у бIаьсте. Хьуна-м хIинца дика ма хаьий, хьо Нанна йилхича, дитта тIера хьоза а хьайца делха лаьийла.

Дуьне олу-кх хьох, тхо зиэн кхоьллина, хьайх ца Iехавелларг ирсе хилийта, Дала кхоьллина долу, Дуьне.

Дуьне! Дика болх ма бац хьо! Хьо дош делхьара, Дуьненчу долу адам а доьлхуш дог1ур ма-дацара хьуна. Воьлуш веана хьаша ма вац, Дуьне, хьан кхерча. Хьан чаккхенан тIадам юьхь тIе таIийначу буьйдачу кибарчигах буьллу. Доьхуш-м эхарт дехнехь а оха, къуьйсуш дерг-м хьо ду хьуна, Дуьне.

Доккха ду хьо, Дуьне. Хьан дерриг адам а сан гергара хилла дIахIоьттича а, сох уггар а боккха къинхетам бен берг Цхьаъ яра. Иза хIинца йоцуш ю. Суна хьо дош доцийла хаийта, некъ боккхуш дIаяхна иза.

Дан а дац хьо, Дуьне, суна хьалха хеттарг. Хьо хийцаделла, сан хьоьга йолу марзо зарзъелла, тишделла к1ади санна. Хьалха санна луо а догIу, догIа а доьлху, де-буьйса а хийцало…

Сан дагчохь бен сецна а доцуш, гуттар санна, Дуьне а хьийза…

Суна хьан латта деза, цунах йина кибарчиг хьоьжуш ю соьга… Хьала хьаьжна хьох дезар а ас ца до хьуна, Дуьне, охьа хьаьжна, когашна кIелхьарчу хьан лаьттан сий дар гIолехь хета дела.

Суна безам хета-кх хьо, Дуьне. Хьуна чохь сан Нана яьхнера. И хиллачу Дуьненахь ю со хIинца…

Да-нана резадеш, царех дог Iабош везар-кх ваха. Соьга ма баха, со дика йоI яра. Дикачунна дагахьбаламаш ца буьсу. Я иза а ца хаьа-кха суна. Хьалха санна, кхерсташ ца йогу Нанас йинчу пешахь цIе… Цуьнан хьокхамийн хьожа хазчу хенан, ирсан хенан хьожа хиллера.

“ТIаьхьа йиснера-кх со хьан Ненах кадам бан”, – ма ала соьга. Соьга со яллалц белаш сан Ненах кадам.

“Дала гечдойла” алар ма доккха дош ду иза. Иза мосазза аьлча тоам хир бу хиъна дац вайх цхьанне а...

Хаддаза бехалаш вайн наной: “Хьан гIийла лай яра, доьзалан дика Нана яра иза, хIай АллахI Дела, Хьуна дуьхьал еана тхан дика Нана”.

Нана яьхначу Дуьненахь, иза йоцуш а еа дуьххьарлера бIаьсте… Дог-ойла бехъяла кхиазчу цIенчу берах тера… ЦIена бIаьсте... БIаьстенах Iехабелла, ловзуш, кхин цкъа а гур боцуш, тIехтиллачу хазчу полланах тера ю-кх Нана, хьо яьхна зама...

XS
SM
MD
LG