ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оспанов Къосам

Кхаари-де 20 Зазадоккху-бутт 2019

Calendar
2019 2018 2017 2016
Дечкен-бутт Чиллан-бутт Зазадоккху-бутт Охан-бутт Стигалкъекъа-бутт Мангал-бутт Товбеца-бутт Марсхьокху-бутт Гезгмашин-бутт ГIадужу-бутт Лахьан-бутт ГIуран-бутт
Зазадоккху-бутт 2019
Орш Шин Кхр Еар ПIр Шот КIр
25 26 27 28 1 2 3
4 5 6 7 8 9 10
11 12 13 14 15 16 17
18 19 20 21 22 23 24
25 26 27 28 29 30 31

Оспанов Къосам гоьваьлла нохчийн байтанча ву. 1960-чу шеран лахьан-беттан 7-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштарчу СаIди-КIотарахь дуьнен чу ваьлла ву Оспанов Къосам. Цуьнан 17 шо кхачале Хьалха-Мартан кIоштан газетехь зорбане йийлина поэтан дуьххьарлера байташ. 1977-чу шарахь ваьлла иза СаIди-КIотарара юккъера школа чекхъяьккхина. 1979-чу шарахь эскаре гIуллакх дан ваххалц оццу школехь хьехархочун болх бина. Эскарера цIавирзинчул тIаьхьа а масех шарахь шайн юьртарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бина. Ткъа 1983-чу шарахь кхолламо Урале кхачаво байтанча. Магнитогорскехь чекхйоккху цо хьехархойн институт а. 1991-чу шарахь Уралера цIавоьрзу Оспанов Къосум. ХIетахь дуьйна Нохчийчохь зорбане мел долучу газетехь а, журналехь а луьста гучаюьйлу шатайпачу башхаллица къеста цуьнан байташ. Цу муьрехь зорбане дуьйлуш хиллачу «Маьлх-Аьзни» журнале балха хIутту къона поэт. Кхоллараллин гергарло тасало цуьнан «СтелаIад», «Вайнах», «Орга» цIе йолчу журналашца. Оцу журналийн агIонаш тIехь кест-кеста зорбане юьйлу Къосуман чулацаме байташ. Уьш билгалъюьйлу авторна кIорггера ненан мотт хууш хиларца, цуьнан хьалхарчу хьаьркаца дешархо цецвоккхий, чекхъяллалц байт еша сакIамдеш, йийсарехь латторца.

XS
SM
MD
LG