ТIекхочийла долу линкаш

Мамакаев Iаьрби

Calendar

Мамакаев Ӏаьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Нёврехь. Мамакаев Ӏаьрби – нохчийн яздархо а, гочдархо а вара. Иза нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ лору. Тоьллачех нохчийн классикан литературан векал а вара иза. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна кхиира иза берийн цIахь. 1930-гӀа шерашкахь «Ленинан некъ» газетехь а, радиохь а болх бан волавелира. Цигахь болхбечу хенахь, драматургийн курсашка а лийлира.

Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» араелира 1940-чу шарахь. Цуьнан уггаре гоьяьллачех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а». 1941-чу шарахь иза контрреволюцин болх беш ву аьлла дуьххьара чувоьллира. Кхело теллинчул тIаьхьа, бехке вац аьлла арахийцира иза. Цул тIаьхьа цо болхбира Нохч-ГӀалгӀайн яздархойн бертан коьрта хьехамча. Цу хенахь Нохч-ГӀалгӀайн драман театро хӀоттийра цуьнан ши пьеса: «ОьгӀазло» а, «Таллар» а.

Вайнах цӀера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза юха а чувоьллира. ХIинца иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магадехь хан йоккхуш, цо язйина цхьа а байт хууш яц. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалах дIакхетархьама. Иза «Къинхьегаман Байракх» газетан зорбане балха дIахIоьттира.

1957 нохчашна цIа бахка бакъо елча, Нохчийчу юхавийрзира Iаьрби. Ала догIу, кхело хьалха иза бехкевинчу бехках цу шарахь бакъвинехь а, иза реза ца хилира коммунистан партин тоьшаллан кехат юха схьа эца. Компартино шена а, шен къомана тIехь дина тIайзар гоч ца даран тоьшалла хетало иза. Цундела, цуьнан дукха халонаш дан дийзира шен дахаран оьмаран тIаьххьарчу шарахь. Ткъа иза велира шен доттагIчуьнан Абузар Айдамиров Абузаран цIахь.

XS
SM
MD
LG