Де Ваал: Москох, Вашингтон ю Карабахехь маслаIат дан охIла

Де Ваал Томас

Карнеги Фондан векалера, Кавказ зерехь тоьлла говзанча волчу британхочуьнгара Де Ваал Томасера Маршо Радион Азербайджанан сервисо эцна интервью.

Your browser doesn’t support HTML5

Азербайджан - Эрмалойчоь: тIом

Маршо Радио: «Карабахехь летарш совцо бина барт боллушехь, азербайджанхоййнний, эрмалойнний эскарш юха тIаме хIиттарх лаьцна хьуна хIун хета?

Де Ваал: «Вуно кхераме инцидент дера ю. Доьхнарг ду, ши агIо дуьхь-дуьхьал лаьттачу дозанехь вуно дукха герз IаьIна хилар. Кеманаш, чохь лелош стаг воцурш а тIехь, беракеманаш, кхидолу деза герзаш. ТIом сацо бина барт бохориг, даима а санна, политиках дозу бахьана ма хуьлий. Шашах а дац Iедалан вертикал политике ерзар.

Маршо Радио: «Малхбалерчу цхьаболчу тергамчаша Оьрсийчоь ю олу шина пачхьалкхана юкъа питана теснарг. Оьрсийчоь шен бартбаран ницкъашца юкъагIорта тарло. Хьуна хетий оцу ирчачу ловзарийн дай Москох бу аьлла?

Де Ваал: «Суна иза дац аьлла хета ишта. Конфликтан коьрта декъашхой шаьш Эрмалойчоь а, Азербайджан а го суна. Ткъа Кремл могIара актер ю цу хьолехь. Оьрсийчоьнан цIарах маслаIат дан гIертарг Лавров Сергей ву (Оьрсийчоьнана арахьарчу гIуллакхийн министр). Иза кхета барт оьшийла. Бакъду, Эрмалойчохь, дукха дацахь а, оьрсийн эскар ду, ду азербайджанхойн дозанца а – Дагестанехь – амма ша Азербайджанехь дац. Делахь а, Оьрсийчоь юкъагIертар ю шен ницкъашца аьлла ца хета суна. Лавровс долчу хьолах Путине дIахоуьйтуш а хир ду, гарехь.

Маршо Радио: «Кху деношкахь Европехь кхерамзалла латторан а, юкъахьболхбаран а организацино цхьаьнакхетарш ду Карабахера хьал луьстуш дIахьош. Оцу барамо маслаIат дийр ду аьлла хетий хьуна?

Де Ваал: «Украинера тIом сацорхьама Минскехь бартбечу заманахь санна таронаш яц тахана оцу организацин. Иза цкъачунна тIемашка йоьрзуш лаьттачу шина пачхьалкхан президенташца болхбеш ю. Тийсадаларш совцо а гIерта. Дикка хьолана тIеIаткъам бан таро ю Москохан, иштта Ваашингтонан а. Хала хир ду дов сацон. Ткъа Европехь кхерамзалла латторан а, юкъахьболхбаран а организацин 6 тергамча бен вац оцу регионехь. Бартбан хьажийна дуьненаюкъара машарбархой а бац. Амма Карабах къоман интерес ю шина а мехкан, Эрмалойчоьнан а , Азербайджанан а. И ший агIо а ю Оьрсийчоьне дика ладугIуш.

Маршо Радио: ТIом сацийча муьлхачу агIонна хуьлу -те эшам, ша оьшу и сацийча аьлла хетачо хIун дан деза?

Де Ваал: «Цхьа а политикан сацам а боцуш, тIом сацор Азербайджанна хетар ду эшаме. Цара шайгара шайн латта дIадаьккхина ма лорий. Оцо гойту политикан процесс вуно оьшуш юйла. Ткъа и процесс дIагIур яц Москох а, Вашингтон а юкъаролоне ца ялахь. Амма оцу шина шахьарна атта а дац вовшашца шайлахь барт каро а. Цундела Азербайджано а, Эрмалойчоьно а къасто деза муьлш царна тов юкъарло лелош.