ХIусамийн мехаш дистина Нохчийчохь

Карарчу хенахь махкахь болх беш 10-15 риэлторийн агентствош ю, оццул гIишлошъяран компанеш, хIусам эца лаам болуш, таро йоцучарна дала долийна ипотекан кредит, ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIеношчу дIакхалхоран программаш а ю Iедало къобалъйина, тIеэцна.

Оцу суьрто гойту махкахь хIусамаш йохкаран-эцаран болх жигара баьккхина хилар.

Ткъа буй-те Нохийчуьра бахархой тIебетталуш, дIаийъеш петарш, цIенош?

Юй-те таронаш муьлххачун а эца, Iедало ипотека олу кредит лахь а, кхана-лама цхьана агIор такха дезаш хилча.

Цул совнаха, бахархошкара Нохчийчохь петарийн,цIенойн мехаш хаъал хьалагIоьртина бохуш, хаамаш а баржабо тайп-тайпанчу хьосташа.

Масала, тIаьххьарчу баттахь Оьрсийчуьра хIусамаш йохкаран-эцаран хьал тергоне а эцна талламаш бина Оьрсийчуьрчу Domofond.ru.-н сайто.

Цара чIагIдарехь, кху 2016-чу шарахь 8 процент тIекхетта юхкучу петаршна а, цIеношна а мах.

Масала, квадратан метр юкъара барам дахначу шарахь 36 эзар хиллехь, кху шеран тIаьххьарчу баттахь цIеххьана 39 эзаре хьалабаьлла, бохуш яздо Domofond.ru-с.

Маршо Радионо а бира шегара таллам, мел бакъ ду шуьйрра евзачу Оьрсийчохь юхкучу хIусамех хаамаш Iорабохучу Domofond.ru-но дуьйцург, хаархьама.

Соьлж-ГIаларчу «Регион» цIе йолчу агентствон белхахочуьнца Асланца зIене девлира тхо. Буй хIусамаш оьцуш нах, аьлла деллачу хаттарна жоп а луш, долийра цо шен къамел.

Аслан: «Оьцуш-юхкуш нах болуш бу, Iедало а оьцу шайн программашца. Жимма хьаладевлла мехаш, долларан мах бестарца ма ду иза, массо а хIуманна а тIедеттаделла мехаш.

Дукхан хан йоццуш Путинан проспектехь 20 миллионах йоьхкина цхьа петар, 200 квадратан метр йолуш. Цхьана квадратан метран мах 80 эзар сом бу. Керла ечу хIусамашкахь 25-ннах эцало, гIишло йолийначу юкъахь.

Соьлж-ГIалина юккъехь 50 эзар соьме кхаччалц, ткъа тоьллачу цIеношкахь 100 эзаре кхаччалц».

Аслана ма дуьйццу, мехаш тайп-тайпана ду махкарчу петарийн. Уггар деза мехаш ду Соьлж-ГIалин юккъерчу цIеношкарчу хIусамийн.

Бахьана- цу хIусамашкарчу чоьнийн квадратан метраш яккхий ю, гIалин кхечу кIошташкарчул а.

Адамна даха аьхна а, исбаьхьа а меттиг лору, масала, Соьлж-ГIалин Путинан а, Кадыровн а цIарах майданашкара хIусамаш.

Францхойн актерна Депардье Жерарна хьошалгIа веанчохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана совгIатна еллачу 40-гΙатах лаьттачу «Грозный-Сити» цΙачуьра петаран мах Оьрсийчоьнан «Авито» аналитикан центро хадабарехь 3 миллин соьмера 6 миллионе кхаччалц бара хIетахь.

Нохчийчуьра «Альянс» агенствоца а елира Маршо Радио зIене. Хьалхо къамел динчу Аслана мехаш кхечу сурстаташна а санна тIекхетта хIусамашна а аьллехь, шен цIе ца йовзийтинчу, риэлтор масех шарахь болх бечу «Альянснерчу» жимчу стага мехаш дестар бакъ ца дира.

Альянс агентство: «Жим-жима мехаш охьадуьйлуш ду хIинца-м. Старопромыслан кIоштахь, масала, цхьа чоь 800 эзар сом, ши чоь миллионна тIера хьала, кхо чоь 1.500. Оьцуш нах а бу, амма бац хьалха санна-м. ДIаюхкушберш бу алсам».

Маршо Радионе вайнаха сих-сиха къедадо, махкахь хIусам эцар боккха кхерам бу, хIунда аьлча, Нохчийчохь хиллачу тIемаша йитина лораш тахана а янза хиларна.

ТIамех уьдуш, шайн хIусамаш йорах дIа а йоьхкина, хан-зама яьлча, хьал маьрша даьлча, юха схьаоьхура оьрсий, шайн бахам юхаберзорхьама.

Нохчаша кхерийна, тоьхна-Iоьттина лаьхкинера шаьш бохуш, оьрсаша дов кхелашка кхийдадора.

Ткъа «Альянс» агентствон белхахочо аьттехьа а ца дитира и тайпа конфликташ тахана хилар.

Альянс Агентство: . «Бозбуанчаллаш… и тайпа хIуманаш дIадовлуш ду юкъара. Хьалха хилла къепедацарш хIинца дац, уьш юкъара дIадовлуш ду. Iедало лелайойтуш а яц харцонаш. ЦIена квартираш а карайо, ахь боху хIуманаш хIинца дац хьуна. Нохчийчохь цIена кехаташ долуш хIусамаш ян а яц бохург, бакъ дац».

Хаьттира оха «Альянсан» векале, хIун мехаш ду тахана, оцу цIеяхначу гIишлошчуьрчу петарийн, буй Нохчийчохь хьоладай уьш ийъян?

Альянс Агентство: «Хьажахь, хьо стенгара ю, газетера ю хьо? Хаа хоьтту ахь? Оцо и боху, важа боху, бохуш сан цIераш ма яхалахь, дика дуй? Журналисташ бу бохучаьрца Iиттавелла со, цара хIуманах эладитта а дой, и хIуманаш суна ца оьшу хьуна. Хьуна хаа лааарна, дуьйцу ас».

Жоп ишта дара, цунах тоам белахь!

ХIун доьху Нохчийчохь хIусамех?

№

Нохчийчоьнан кIошташ

Петарш, чоьнаш

Мах

ЦIенош, барам

Мах

I.

Ленинск, Первомайскан урам

2

1 900 000

330 м² 6 сот.

14 200 000

2.

Ленинск, Путинан проспект

2

4 000 000

3.

Ленинск, Путинан проспект

4

5 000 000

4.

Ленинск, Кировн проспект

1

950 000

Ленинск, Соьлжа

100 м² 10 сот.

1 100 000

5.

Октябрскан, Сайхановн урам

3

2 000 -7 800

6.

Октябрскан кIошт

68.9 м²

12.5 сот.

52 000 000

7.

Октябрскан кIошт, Войково

200 м² 4 сот.

3 000 000

8.

Старопромыслан, Сквозной урам

3

7 000 000

9.

Старопромыслан кIошт, Бутенко

90 м² 8 сот.

4 200 000

I0.

Заводской, вокзал

3

12 000 000

II.

Заводской

2

3 180 000

I2.

Заводской кIошт, Андревски долина***

79 м² 7 сот.

11700 000

I3.

Грозненски кIошт

217.5 м² 13.7 сот.

10 000 000

I4.

Грозненски кIошт, Беркат-Юрт

I30 м² 8 сот.

2 300 000

I5.

Шелковск кIошт

I50 м² 8 сот.

2 100 000

Устралда-ГIала

320 м² 10 сот.

4 500 000

Теркйист Надтеречный, Бено-Юрт

106 м² 30 сот.

3 000 000

Ноьвр-кIошт

300 м² 12 сот.

2.600 000

Гумс кIошт

350 м² 13 сот.

7 500 000

Аьргахишк (Серноводск)

65.9 м² 5 сот.

2000 000

ТIехьа-Мартана

275 м² 30 сот.

6 000 000