ОвхIанистанерчу тIалибийн таронаш толуш ю

ПIераскана Атлантикан альянсан (НАТО-н) векало инарлас Кливленд Чарлза дIахьедина, ал-Къайдано гергга юкъаметтигаш а латтайо ОвхIанистанерчу тIалибашца, Iедална дуьхаьл цара бечу тIемашкахь агIо лаца а тарло, аьлла.

Стохка ал-Къайдан лидеро ал-Завахири Аймана къобалдира тIалибийн коьрта молла Мансур Ахтар хIоттар. Кливленда элира, «хIетахь дуьйна схьа цу шина агIонан юкъаметтигаш тоелла». Цо дечу хьесапца, 100-300 ал-къайдхо ву ОвхIанистанехь.

Инарлас бахарехь, тIалибийн финансийн таронаш толуш ю кху муьрехь, наркотик шеца йолу пайхамари-зезаг кхиина хилар бахьана долуш.