"Яйначу тIаьхьенан" даймахках дош

Белгехь дIаяьхьначу студентийн форумехь

Your browser doesn’t support HTML5

Iайшат: "Нохчийчоьнах боьзна маша хадарна кхоьруш деха тхо-м..."

Муьлххачу а социалан зIенехь цхьа лазаме тема йийцарееш хаало дуьх-духьал лаьттачу цхьана къоман шина гарано вовшашна бен дегабаамш.

Стенна? ХIунда? Маца дуьйнна?

Европе дIабахначу нохчех хьоькх а юьсур яц, шайн мотт а бицбина, нохчинй гурашкара а даьлла, хийрачу къоман динца нохчийн къам лелаш ду, олуш хеза Нохчийчохь.

ТIаьххьарчу хенахь адамаш гулдинчу социалан машанехь а бехк-Iоттам эккхий, цхьа нохчийн къам дуьхь-дуьхьал а хIуттий, “тхан-шун» бохуш, къестамаш беш, вовшашкара бехкаш дохуш, бартхаттамаш беш хуьлу.

Доцца аьлча «Яйна тIаьхье» ю олу цара хьанна а, шен даймахках хаьдда вехаш и велахь.