Евробертаца визан раж дIаяккхаре сатуьйсу Гуьржийчоьно

Гуьржийчоь -- Гуьржийн арахьарчу гIуллакхийн министр Джанелидзе Михаил. Чил. 28, 2016

Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн даиман а болу векалш реза цахилла Гуьржийчоьнца виза йоцу раж юкъаяккха. И бахьана долуш леррина дIахьедар дина гуьржийн арахьарчу гIуллакхийн министро Джанелидзе Михаила.

Цо шаьш юха а сатесна ду боху Евроберто эххаре а Гуьржийчоьнан бахархошна визан раж дIайоккхур хиларх.

Кху тIаьхьарчу хенахь дуккха а Европера политикаша дIахьедарш дина "миграцин кризис а йолуш" Туркойчоьнца а, Украиница а, Гуьржийчоьнца а визан раж дIаяккха дагахь бац Евробарт аьлла. Цул сов, Евробарт дагахь бац Гуьржийчоьнца доьзна хаттар юкъара а даьккхина ша дийцаре дан.