Мэрилин Монрон (мангал-бутт 1, 1926 – марсхьокху-бутт 5, 1962) тахана 90 кхочур дара.

Мэрилин Монро, дуьненахь уггар гоьяьлла Iамеркера актрисса а, хазаллица гIараяьлла зуда яра 1950-чу шерашкахь. 

Ц.Ш. Актёраш Вивие Лих, Сэр Оливье Лоренс, Монро Мерилин, 1956-чу шеран гIадужу-беттан 14-гIа де. 
 

Лекха кIажа болу мачаш тайнера Монро Мерилинана.

Ц.Ш. Беран санна буьрканах ловзарх самукъадаьлла хаало Монро Мерилинан  кху суьрта тIехь, 1957-чу шеран стигалкъекъа-беттан 16-гIа де. 

Хелхарийн похIманча яра Монро Мерилин. Кест-кеста, кино чохь рол ловзош, цу похIмах пайдаэца дийзира цуьнан.

Еларна тIера яра Монро. ХIара сурт даьккхина Монро Мерилин ялале масех бутт хьалха 1962-чу шеран марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь.

Стенна ойлайо техьа, Монрос? 1961-чу шеран гIуран-беттан 3-гIа де.

Керла кино яьккхича, кхиам баккхар даздан а мегар ду. Монро Мерилин а, французийн актёр а, илли алархо а Монтанд Ивес кино яьккхинчул тIаьхьа, 1960-гIа шо

Ма ирсе ду адамийн дахар. Монро Мерилин а, цуьнан шолгIа майр Миллер Артур а.
 

ЦIаьххьана хедира Монро Мерилинан дахар 1962-чу шеран марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь. 
 

Дукха нах баьхкира Голливуде Монро Мерилинан тайзета цуьнга тIаьххьара Iодика ян 1962 шеран марсхьокху-беттан 10-чу дийнахь
 

Дуьненан дахар хеддехь а, нехан иэсехь дисна Монро Мерилинан васт. Монро Мерилинана лерина гайтам Чехехь.

Испани -- Барселонехь а дIабаьхьира Монро Мерилинан суьртийн гайтам 2005-шеран гезгмашин беттан 15-чу дийнахь.
 

Мерилинан хазаллех хьегаш лаьтта техьа хIара Полшера зуда?

Монро Мерилин иэсан хьурматна Парижехь хиллачу гайтаме а баьхкира дуккха а парижхой.

Нохчийчохь болчух тера ду Монро Мерилин хаза хета нах, Соьлж-ГIала, 2015-чу шеран заздоккху беттан 10-гIа де.