ЦIе-Веданахь токхамаш

Цхьабоса арабевлла юьртахой вовшана гIоьнна.

Юьрта юккъехула машенаш лелачу  урамехь кхераме ду.

Дукха хан яра бахархошна Ахк иштта дистина ганза.

Нохчийчуьрчу Орцан министралло гIоьнан штаб йиллина юьртайистехь.

Латтано ца лайна догIанан делхар.

Селхана самукъанечу аьзнех дуьзна цIа, тахана деса лаьтта...

Юьртара школа кийча ю де доьхна мухIажирш тIеэца.

ХIусам йоьхначу Бабина шен кIентан берашца тховкIело карийна школехь.

Де эшна хIусамда.

Iер-дахарна кепе ялийна школера класс.

Хала ду ша воьллачу хIусамах вала.

Берийн бIаьргашчохь сецна сингаттам.

Бен боьхна-кх Бабин а!

Къанъяллалц гулдинчух, лардинчух яьлла Баба а!

Ойланашкахь...