Машаран куьйг кховдийна ЭрдохIана Путине

Кремло чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан СУ-24 кема Туркойн тIеман хIаваан ницкъаша чудаийтарна къинтIера довлар дехна Туркойчоьнан президнта ЭрдохIан Реджепа.

Кремло бахарехь, президенте Путин Владимире даийтинчу кехат тIехь ЭрдохIана яздо: «Оьрсийчоь Туркойчоьнан доттагI ю, цул совнаха стратегин партнер а ю, цундела туркойн Iедална ца лаьа юкъаметтигаш эгIа. Ас кадамбо веллачу оьрсийн кемалелорхочун доьзале а, хиллачух дог а лозу сан», аьлла кехатца хаам кхаьчна Туркойчуьра, бохуш дуьйцу Кремлан официалан сайтехь.

Цкъачунна Туркойчоьнан агIонера цхьа а комментарий яц цунах лаьцна.