Берех байракх а еш, ваха хиина бозбуанча

Бозбончаллашца нахера миллионашкахь ахча гулдина оьрси лаьцна Нохчийчохь

Your browser doesn’t support HTML5

Берех байракх а еш, ваха хиина бозбуанча

33 шо долчу Степанов Алексейна, Краснодаран кIоштерчу вахархочунна тIе тидам бахийтинера Нохчийчуьрчу низамхоша, цо махкахь шен бозбуанчаллийн болх, республикан куьйгалхочунна цIе а йоккхуш болийна хиларна.

Интернетера социалан гIирсашкахь, цо язйина хилла, шен йиша Кадыров Рамзанан хьехамча ю аьлла. ДIалаьцначул тIаьхьа, цо схьадийцина ша лелориг хIун ду а, мел ахча доккхура дийнахь а, даьккхийна а.

Юккъара транспортан тIе а воьдуш, цу чуьрчу нахе, шен цомгуш ю бохучу йоIан дарба дан ахча гулдеш хилла цо. Карахь сурт а хилла оцу йоIан. Къастийча и йоI боккъала йолуш ю, амма, цуьнца цхьана а тайпа уьйра йолуш ца хилла.

Иштта 2011-чу шарахь Германехь дарба хилла ю. Оцу тайпа дагна кIеда болчу нохчаша, хIора дийнахь 10-20 эзар сом ахча тосуш хилла, «бохамо» гаттонехь хьовзийначу стагна гIоьнна.

Степанов Алексей дIателлича дика вевзаш хилла шайн схьавалар долчу Краснодаран кIоштехь а, оццу схемица цо нах Iехийна хилла, мел лаххара а 15 миллион соьманна, аьлла хаам баржабина полицино.

Нохчийчу уггаре а халчу хенахь а оьхура сагIадоьхурш а, Степанов санна болу нах Iехораш а. Оцу хIуманна терго йо юккъараллехь.

Уьш бахкарах-м кхетара шаьш, амма, цара лелочо боккъал а гIо оьшучу нахана иза ца хуьлуьйту аьлла хета Соьлж-ГIаларчу яхархочунна Зайпулаева Мубаркна.

Зайпулаева: «Нохчийчохь бераш цомгуш ду бохуш вотсапехь и сурташ а кхуьссуш лела. Иштта автобус а, маршруткаш чохь а хуьлу и нах. Царна юккъахь баккъала а гIоьшург мила ву къасто хала ду. Цундела, и нах бахьана долуш, наха ойла йо Iехош-м дац теша шаьш олий. Со-м ца теша царах!»

Нохчийчуьра а, луларчу а, геннарчу а мехкашкара бозбуанчалхой иштта схьа а оьхуш лелар бу, царна духьало шаьш наха а, Iедало а ца яхь, аьлла шена оцу хьокъехь хетарг довзийтира Iелам стага Тунтаев Вахас.

Тунтаев: «Вайн къам дохийна Iийна ду. Вайна дагадогIу цигахь цхьа а нохчо сагIа доьгIуш хилла воцийла. ХIинца и нах совцо беза. Эхь-бехк дайна церан. Схьавоьл, хьо мила ву, хьо муха лелаш ву кхузахь, аьлла хатта деза, сагIа деха веанчуьнга.ТIаккхий бен уьш совцур бац.

Нохчийчохь нах а Iехош схьалаьцначу Степанов Алексейн хьокъехь кхин цхьа хIума а гучудаьлла, цо массийта шо хьалха дина долу.

Ша Испанера вевзаш волу жухарг ву аьлла, шен хьоме кIоштехь а дукха нах Iехийна, ловзаре билеташ а доьхкина.