Депортацин зама: Бохийначу даймахка веанера Бетишев Хьусайн

Ведзижнв Энвер а, Бетишев Хьусайн а.

Вайнехан адамо ког ловза а доцчу депортацин шерашкахь шен даймахка нисвеллачу нохчочух.

Your browser doesn’t support HTML5

Депортацин зама: Бохийначу даймахка веанера Бетишев Хьусайн

Таханалерачу кегийрхошна хIетахьлера къематде довззанне а ца девзачу доккху Нохчийчоьнан Iедало, депортацин де рузманехь ловзадаккхаро а, кхеташ доцчу бахьанашца, и Iаьнан де бIаьстенна юккъе дIататтаро.

И дан торуш санна...

Вуно лазаме хилам хезира Маршо Радионна социалан зIенашкахь вовшшца юкъарло лелочу нохчашкара.

Ишта кечира со Гермачигарчу Бетишев Хьусайнна тIе. ХIетахьлера зама, цуьнан луралла евзинарг, хезнарг тоьшийла а дац, юьртара юьрта ваха ваьхьинчунна а 25 шо хан а тухуш, Юккъерачу Азехь вайн нах бехачу муьрехь, Казахсатнерчу цхьана юьртара гIаьттина нохчо масийтта эзар чаккхарма гена болчу шен даймахка кхаьчнера бохучух.

Гермчигарчу Бетишев Хьусайнан цIа, 1954

Ткъа иза-м цхьаъ ца хилла! Уьш –м шиъ хилла!

Вай дийцича-м «эхI» аьлла а хетар дацара, дуьйцуьйтур вай цуьнга шегга, Гермачигарчу Бетишев Хьусайне.