25 шо хьалха Соьлж-ГIала маьршаяккхарца бирзира Нохчийчохь хьалхара тIом

Your browser doesn’t support HTML5

25 шо хьалха Марсхьокху-беттан 6-хь, нохчийн тIемалоша Соьлжа-ГIала дIалацар бахьана долуш, дIабирзира ала мегар ду Нохчийчохь хьалхара тIом. Оцу муьрехь тIеман декъан буьйранча вара тахана Нохчийн республикан - Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр Закаев Ахьмад. И де иштта дагалецира цо, Маршо Радион дехарца 2016-чу шарахь, Нохчийчоьнан коьрта гIала маьршаяьккхина 20 шо кхочуш.