Касьянов Михаила полице арздина

ПАРНАС партин лидеро Касьянов Михаила полице арздина шена Ставрополехь тIелатарх лаьцна. Цо доьху шен дахарна кхерам боссорна а, шена конституцино харжамашкахь дакъалаца елла бакъо йохорна а дуьхьало яр Iедале.

«Дождь» телеканало даржийна, Пачхьалкхан Думин депутатна Зубов Андрейна тIе а тевжаш, Ставрополехь «Континент» олучу хьешан цIенна хьалха 30-ттех стагах йолчу тобано тIе а еана, политик шен харжамхошца къамелдеш Iаш, маьттаза маьхьарий а детташ, маситтаза тоьхна Касьяновна, тIера коч а ятIош. Ткъа нахаца къамел дина иза ваьлча, хIоаш диттина цунна тIе, боху Интерфаксо.