Ахматова Раиса. Везачун бIаьргаш

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Везачун бIаьргаш

Ахматова Раиса.

Везачун бIаьргаш

ГIелвелла лаьтта хьо,

Дукха го ишта...

БIаьргаш хьан кIадделла,

Генна дIахьуьйсу.

Ас доьху: генарчу

Хьайн бIаьргийн йовхо

ЦхьакIеззиг суна а

Йохъяла кхачор.

Хьан бIаьргаш даима

Исбаьхьа лепа.

Лепа уьш диканехь,

Вонехь а лепа.

Лепа уьш. хIорд санна,

Аьхкенан делкъехь,

Амма уьш гена ду,

Седарчий санна.

Меллаша йогIу со

Ураман шортехь,

Хьо лоьхуш бIаьргбетта

Бовзазчу нахе.

Хьайчех тера бIаьргаш

Тергалло шортта.

Амма дац хьайниш гуш -

Уьш ду ас лоьхурш.

Дицлац цкъа суо латтар

Iаьржачу буса,

ХIетахь сан бIаьргеха

Ледда и хиш а.

Лаьара

Сайн коьрта тIехула

Стигла оьккхийла, -

Схьагойтуш исбаьхьа

Хьан сийна бIаьргаш.