Ахматова Раиса. Малх дукъал тIехьа буллушехьа

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Малх дукъал тIехьа буллушехьа

Малх дукъал тIехьа буллушехьа

Ахматова Раиса

Малх дукъал тIехьа буллушехьа,

Стиглахь седарчий даьржжашехьа,

Ас сайн дог хьоьга дIакховдадо,

Сан сирла ойла цуьнца дIало.

Хьо сан деган безам, йовхо ю,

Сан гIайгIа, йоккхаер-тем хьо бу.

Мерза хьоьстуш, ас хьо вохвийр ву,

ГIайга-балех ас хьо ларвийр ву.

Суьйре Iаржлуш гIайгIано ягош,

Сайн къайле ас седарчашка ло.

Муха хуур ду хьан дагахь дерг!

Хьо сан шеко а, къайле а ю,

Хьан даг чу хьажа со лууш ю.

Сайчух буста безам карабахь -

Ирсах йоккхаеш, со ехар ю.