Ахматова Раиса. Ойлане дикачу бIаьргашца тийна

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса. Ойлане дикачу бIаьргашца тийна

Ойлане дикачу бIаьргашца тийна

Ахматова Раиса

Ойлане дикачу бIаьргашца тийна,

Корах чу беттаса хьоьжу.

Сан ойла юха а хьоьца ю тахана,

Йоьхна и - хьо волчу хьоду.

ДIахьоду, чехкачу бераллехь санна,

Декхначу дийнахь а, беттасин буса.

...Мухачу кхиэлаца, мухачу некъаца

Синтеме со йолчу хIусме хьо вуссу?

Хьомениг, седарчий дицди ахь суна,

Исбаьхьа иллеш а, шовданийн шабарш,

Зезагийн хазала, хьомсара лаьмнаш

Хьо гучуваларца дицди ахь суна.

Ас сайга бохура: "ХIан-хIа, ца оьшу!"

Сан дагах и ойла, маха а санна,

Леташ ю, хазахетар я лазар ийлуш,

Ас сайга бохура: "ДоттагIалла тоьлу!"

Амма ас безам а буха ца тоьхна.

ХIор денна ойланаш, дуьххьар а санна,

Уьдура хьоьца дIа, ца лаарх суна...

Сайн гIайгIа ас хьоьга йийцира дIа,

Дерриге хазахетар - совгIат дан хьуна.

Хьежаран миноташ мел хала хилла,

Хьан бIаьргийн кIоргенаш мел сирла хилла.

Самукъне къежарца вай вовшийн го,

Хьо бIаьрга гушшехьа, гIайгIа дIайов!

ГIан-набарш го суна: лаьтта со тийна,

Аренаш ялтица, бацана сийна.

Сатосуш, гIан доду Iуьйренан мохаца...

Мухачу кхиэлаца, мухачу некъаца

Синтеме со йолчу веара хьо?