Школе а ловзарга санна...

"Беркат" базаран юьхьиг.

Духарш эцна а бевлла, дешаран гIирс къастош.

Со-м кийчча ю школе яха!

Цхьаболу лаккхарчу классан дешархой дIакъовлабелла лела школе. Церан а ю таро къастам бан базарахь

Дуьххьара школе яха еза хIара жима йоI йоьхна хьийза, бькъачу базарахь тилаелла.

Дешаран гIирс цхьана меттахь схьаэца аьтто бу.

КIайн коч я сийнаниг эцча бакъахьа дара-те?

Духарш хоьржуш.

Дай а гора базарахь шайн доьзалхошна бедарш оьцуш.

Мачийн къоьлла яц йоIана!

Ма сан заманахь ца хилларг ду хьо!

Нанина хазахетарг суна а хазахеташ хилча!
 

Доккха хIума дера ду оцу ишколе цхьайтта шарахь когаш беттар!

Нанна шен беранчул дика хаьа цунна оьшург...

БIаьрганегIар а тохале чекхъели аьхкенан берийн мукъа хан. Кху деношкахь жигара хьийза дай-наной, шайн бераш улле а даьхна, Соьлж-ГIалин "Беркат" олучу базарахь школе кхехь керла духарш, кеп-кепара дешаран гIирс а оьцуш.