Аномали: Cоьлж-ГIала, шоьтан догIа

ХIара аьхке шатайпа хьовзаме хилар - бурко, чуьркиийн зов, ницкъала йочанаш - тIечIагIдан санна доккха догIа деана шоьтан сарахь Нохчийчохь. Интерфаксо бечу хаамца, гIалин юккъехь лаьттачу машенна тIе дитт а доьжна, елла цхьа йоI.