"Маса Са" Iамораш дирзина Гуьржийчохь

Атлантикан альянсан (НАТО) «Маса са» (Agile Spirit) цIейолу итт дийнан тIеман Iамораш чекхдевлла Гуржийчохь. ТIаьххьара церан барам хилира шоьтадийнахь Самцхе-Джавахетерчу "Орполо" полигонехь.

Эскаршна турс латтор Iамо хIоттийначу Iалашонца кхачийнера Гуьржийчу Iамеркахоша шайн керла техника а тIехь. Iаморашкахь дакъалаьцна гуьржашца, Iамеркахошца цхьаьна болгараша а, румынаша а, украинахоша а, латвихоша а, туркоша а. Дерзочу дийнахь «Орполо» полигоне веанера Гуьржийчоьнан президент Маргвелашвили Георгий.