Бисултанов Апти. Тешам боцчу кIантана йоIа лекхна йиш

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Тешам боцчу кIантана йоIа лекхна йиш

Бисултанов Апти

Тешам боцчу кIантана йоIа лекхна йиш

бохучарна баха хили
дуьйцучарна дийца хили
вайша вовшех даьлчахьана
кху дуьненахь са ца хили

бохучарна Iуьйре елла
дуьйцучарна суьйре елла
ма комаьрша хиллера хьо
суна хIоккхул бала белла

доккха дуьне хийист хеташ
доккха дакъа хьан дош хеташ
хьоь ладегIна йолчу йоIа
дити хьуна шена хетарш

1990