Херцаршлахь бер карийча вилхина Шемара орцанхо
Your browser doesn’t support HTML5
Идлиб-гIалахь бомбанаш йиттина дохийна цIенош дIасадохуш орцах бевллачу нехан аьтто баьлла зуда а, бер а къелхьарадаккха. Биъ бутт болчу йоIан цIе ю ВахIида. Цуьнан йоккхах йолу йиша йийна оццу бомбанаш тохарехь. Ткъа ВахIидас а, цуьнан нанас а масийтта сахьт даьккхина херцаршлахь.