22 шаре бахбелла сатийсам...

Your browser doesn’t support HTML5

22 шо хьалха Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь оьрсийн эскархоша лаьцна дIавигинчу жимачу стеган Батаев Виситин даьIахкаш карийна ДНК-н талламца Ростов-гIалахь. Кху деношкахь Виситин гергарчу наха тезет хIоттош, дай баьхначу Хьалха-Мартанарчу ГIойхь лаьттах йоьхки чалхах йисина даьIахкаш. Иза дийна хиларе дог дохучу ден-ненан, цуьнан доьзалан сатийсам бирзи…