Амнести Интернешнл болхбан йитар доьху Евроберто

Москохарчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International юкъараллана болх дIабахьа хьелаш латто кхойкху Оьрсийчоь Евроберто, аьлла хаамбо «Интерфакс» агенталло, официалан документна тIе а тевжаш. Москохарчу Iедало организацин офисан гIишлонна тIе мухIартохар бух болуш ца го Оьрсийчуьрчу а, Европерчу а юкъараллан векалшна.

Хьалхо Amnesty International-ан Москохарчу офисан неIарийн догIанаш а хуьйцуш, мухIартоьхнера цигарчу Iедало. Организацина дуьхьалдаьхна бахьанаш дара гIишлон арендица доьзна.

Бакъонашларъярхоша чIагIдо, шаьш шен-шен хенахь ял дIалуш хилар.