Туркойчохь оппозицин журналисташ лецна

Turkey -- A man reads a copy of Cumhuriyet daily newspaper in front of the newspaper's headquarters in Istanbul during a police operation, October 31, 2016

Кумхурийет оппозицин газетан 9 журналист лаьцна Туркойчоьнан кхело. Газетан коьрта редактор Сабунджу Мурат ву цаьрца. Евроньюз телеканало бина и хаам. Аьхка Туркойчохь тIеман карчам бан гIортарна Анкарас бехке лоручу оппозиционерца Гюлен ФетхуллахIца зIенехь хилар а, курдойн гIаттамхошна тIетар а ду лецначарна бехкедуьллург.

1994-чу шарахь дуьйнна денна зорбане дуьйлучу Кумхурийет газетан белхахой хьалха а бара кхело хьийзош.

Дахначу шарахь газетан шина белхахочунна шишша шераш хан туьйхира, Мохьмад Пайхамарх кхаьрдаш долу суьрташ зорбане дахарна.