Айдамиров Абузар. Атта ца хуьлура

Your browser doesn’t support HTML5

Айдамиров Абузар. Атта ца хуьлура


Айдамиров Абузар

Атта ца хуьлура


Эзар шо хьалха со дуьнен тlе ваьлча,
Тахана ма-дарра, догlура ло.
Цlеххьана цхьа бохам яьlни тlе хиъча,
Атта ца хуьлура дlатакха вуо.

Атта ца хуьлура езнаерг яло
Я доцчу гlоранах тоамаш бан.
Мацалла ца вала, берцан хlу лехьо,
Яйначу тlаьхьенан къамелаш лан…

Пхи бlе шо хьалха со дуьнен тlе ваьлча,
Хьастагlа ма-дарра, догlура луо…
Мел чlогlа ларваларх, хан-зама яьлча,
Шен хеннахь сан керта догlура во.