Клых Станиславна гIуда тоьхна

Пачхьалкхан прокурор емалварна Нохчийчуьрчу кхело Украинан вахархочунна Клых Станиславна гIуда тохарца 240 сахьтехь белхаш бар тIедожийна. Кхелан кхеташо дIахьочу муьрехь прокурор сийсазварна Лакхарчу кхело Чиллан-баттахь сацам тIеэцнера Клых керлачу доьвне озош. Оршотдийнахь кхело бовзийтина шайн сацам.

Цара чIагIдарехь, Клыха хуъушехь ялийтина шегара ледарло, цул совнаха, тешаш а бу бехк цуьнан хилар тIечIагIдеш, иштта лингвистан экспертизано а бакъдо, аьлла.