10 шо хьалха зарратан дIовш малийна Лондонехь вийра Литвиненко Александр

Your browser doesn’t support HTML5

КГБ-н а, ФСБ-н а подполковнико Литвиненко Александара 90-гIа шераш чекхдовлуш бехке йира ФСБ а, ша Путин а цIенош лелхийтарна а, ткъа иштта ФСБ-х политикан Iалашонаш кхочуш еш а, хьал гулдеш а пайда эцарна а. 2000-чу шарахь шен доьзалца ведира Литвиненко Британе. Амма Лондонехь цунна дIовш малийра, хетарехь, Ковтун Дмитрийс а, Луговой Андрейс а.