Кадыровгара академикан дарж доккхур дац

Академикан сийлахь цIе масех шо хьалха елла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Махкахь маьрша дахар дIахIотторна дина шена и совгIат аьлла дIахьедира Кадыровс. Оьрсийчоьнан Iилман Академих къаьмнийн Iилман академеш хьакхалуш яцарца, даржах Кадыров вохор хиларан кхерам бац.

Хьалхо Путин Владимира Оьрсийчоьнан Iилманийн академерчу даржашка хIиттина Iедалан хьаькамаш, шен структурашкара дIабохур бу аьлла дIахьедар динера.