Нохчийчохь хир яц малар духкучех цхьа а туька

Нохчийчохь маларш духку туька хир яц хIинцачул тIаьхьа цхьа а. И сацам бина, машенаш чуьра 8 стаг а леш, «Кавказ» трасси тIехь боккха некъахьовзам баларца доьзна, дIахьедина мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, некъашца хуьлу бохамаш бийцаребечу кхеташонехь цо элира, лицензешца маларш духкуш 20 туька яра Нохчийчохь, уьш массо а шайн лаамехь дIакъовлаелла. Мелла машен лело араваьллачу стагна уггаре луьра таIзар дан догIу, бохура кеташонехь.

И барам бирзича, РИА "Новости" агенталлаца къамелдеш Кадыровс элира, шашь ницкъаша ца сацадойту малар дохкар, иза дан бакъо яц, амма маларш дуьтуьйтуш пайда оьцур бу динах, ламастех, гIиллакхах.