Сулейманов Ахьмад. Кхин цкъа а хьоьжур вац cо бIаьсте яре...

Your browser doesn’t support HTML5

Кхин цкъа а хьоьжур вац cо бIаьсте яре...

Сулейманов Ахьмад

* * *

Кхин цкъа а хьоьжур вац
Со бIаьсте яре,
Хьоьжур ву кхачаре
Хьо йина де.
Зезагех кхулур ю
Гарманан аре,
Седарчех юьллур ю
Хьан сирла цIе...

Кхана хьо ткъолагIчу
Шар чу ма юлу.
Тахна-м хьо зезагах
Таръелла сан!
Лаьар-кха, бIе шаре
Кхаьчна хьо йолуш,
ХIинца ма-гарра, хьо
Декъала ган!

Лаьар-кха, хан яларх,
Хьо йоьлуш, ловзуш,
Даима дог къона
Лаьттийла хьан!
Лаьар-кха сингаттам,
ГIайгIа ца евзаш,
Даима сирла хьан
Ойланаш ган!

Тешалахь, цхьанна а
Суначул сов хьо
Езалур ю аьлча,
Хир ма ду харц!
Тешалахь, къа доцчу
Кхело хьо човхош,
Йожаяхь, сол хьалха
Кхин вогIур вац!

Тешалахь, сайцанний
Зезагаш делхош,
Ас хийла Iенийра
Сирла бIаьрхиш.
Тешалахь, стиглара
Седарчий лехьош,
Ойланца ас хьоьга
Кхийдийра уьш!

Кхана хьо ткъолагIчу
Шар чу ма юлу...
Тахна-м хьо зезагех
Таръелла сан.
Лаьар-кха бIе шаре
Кхаьчна хьо йолуш,
ХIинца ма-гарра хьо
Декъала ган!