Сулейманов Ахьмад. Борз ю угIуш..

Your browser doesn’t support HTML5

Борз ю угIуш...

Сулейманов Ахьмад


Борз ю угIуш дера-дера.
Дарцо тIаьхьара лоькху йиш.
ДIай-схьай лестош, дитташ тIера
Цо, каетташ, доху гIаш.

Стигла ятIош ели гIовгIа:
Туьйхи буьрса сирла ткъес.
Инзарбаьлла, саьрмак богIу
Моьтту, лестош алун кхес.

Дарцо даржий мархийн верта,
Бутт а къайлабаьккхи цо.
Лаьттан букъ дIашарбан гIерта,
Багош, бохош берриг го.

Къона синтарш мохна хьалха,
Шарлуш лаьттахь, дийши дIа.
Ткъа турпал наж бодац шалха,
Буьрса дарц цо доьху схьа.

Стигла лестарх, и ца кхоьру:
Лаьттах чIогIа йина бу.
Кхин цхьа а ницкъ цо ца лоьру,
Дахаран ницкъ боккха бу!

Алсамъюьйлуш оьгIазалла,
Дарцо хьоькху шийла мотт.
Стелахаьштиг дIогахь, хьуьллахь
Кхерста, етташ цIеран йорт.

Турпал наж ткъа ирахь гора,
Шена гонах хьийзаш дарц,
ХIотто дагахь шена гуора.
Амма иза-м хир ду харц!

Синтарш лардеш, стелахаьштиг
Уьйзура цо шена тIе...
Метта кхетта, отуш бIаьштиг,
Ножах латий сийна цIе.

Даьгна, кхарзаделла лаьтта,
Стигла кхевдда цхьaлхха га.
Къона синтарш-м дисна лаьттахь,
Кийчча хеца маргIал гIа.

Комаьршонца Iалам хьоьстуш,
Малхо зIаьнарш хийци схьа.
Турпал ножан хьуьнар хестош,
ГIийла екаш оттокх Iа.

Гонхьарчарна маршо яккха
Хьуьнар долчо хало лов.
Дахар иштта дебац тIаккха?
Хиллий толам, йоцуш чов?