Арсанукаев Шайхи. Кхийти со

Your browser doesn’t support HTML5

Кхийти со

Арсанукаев Шайхи

Кхийти со

Кхийти со.
Эххар а кхийти со, хIунда
Ду суна чолхечу
Дуьненахь атта.
Кхийти со.


Эххар а кхийти со, хIунда
Кхочу ницкъ халонехь
Догкура гIатта:
ГIовгIане дуьненахь
Цхьа лам бу тийна,
Цунна кIел цхьа юрт ю,
ТIехь бошмаш техкаш.


Цхьа шийла шовда ду
Самукъне кхехкаш.
Цхьа шира цIа ду со
Даим дIавоьхуш,
Цу чохь сан нана ю,
Со варе хьоьжуш...

Кхийти со,
Кхийти со,
Эххар а кхийти -
Сайн ирсан,
Безаман хьостанех кхийти.