Саидов Билал. Ма къега сел сирла

Your browser doesn’t support HTML5

Саидов Билал. Ма къега сел сирла

Саидов Билал

Ма къега сел сирла

Ма къега сел сирла,

ДIавовр ву хьо, олу.

Ма вага сел вовха,

Чим хир бу хьох олу.

Ма хила сел сиха,

Са хедар хьан, олу.

Оьший ткъа и хьехарш

Со хезаш ца хилча,

Лаьтта тIехь лар йита

Серло оьшу суна.

Халкъана дIаяла

Йовхо оьшу суна.

Декхарехь ца виса

Сихо еза суна.

Даймехкан хьашташца

Ларо лаьа суна.

Вагарах ларвелла,

Сайх мура хуьлучул,

Нур хилла кхирстина,

Чим хила реза ву.

Са хадарх кхийрина,

ГIийла йорт еттачул,

Сайн халкъана ваьцна,

Сих къаста кийча ву…