Иттанашкахь автобусашкахь нах арабуьйлу Алеппора

Шемарчу Алеппора гIаттамхойн тIаьххьарчу чIагIонан юкъара баьхна иттанашкахь автобусашкахь болу бахархой оппозицино шайн карахь латточу ярташка дIасакхехьна. Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацин (ООН-ан) векалша а, Шемара тIом шайн тергонехь латточара а оршотдийнахь баржийна и хаам.

ООН-ан векало дийцарехь, 50 автобус а, медицинан орцаллин ши машен а араяьлла гIаттамхоша лаьцначу гонера. Ткъа Лондонерчу Syrian Observatory for Human Rights олучу бакъонашларъяран тобано чIагIдарехь, 65 автобустIехь 3500 стаг араваьккхина оцу гIаличуьра.

Маьршачу нехан а, герз охьадиллинчу гIаттамхойн а эвакуаци йолийна дахначу еарийдийнахь, Шемин пачхьалкхан эскарша Алеппо гIалин дола дарца. Оршотдийнахь ООН-ан Кхерамзаллин Кхеташоно кхаьжнаш тосур ду, шайн тергамчаш Алеппо гIала хьовсорхьама.

Цара тергонехь латтор ду го лаьцначу кIошташкара нах арабовлийтар.